Тахана Нохчийн Республикин Правительствон школе дахаза долчу берийн дешаран Комитетехь д1аяьхьира Республикански семинар.
25.03.2021
Ассаламу Iалайкум!
Тахана Нохчийн Республикин Правительствон школе дахаза долчу берийн дешаран Комитетехь д1аяьхьира Республикански семинар. Цуьнан тема яра: «Нохчийн Республикин школал хьалхара дешаран учрежденешкахь нохчийн мотт 1амор».
Беркатечу гуламехь дакъалоцуш бара: филологин 1илманан кандидат С.Эдилов, 2018-чу шеран Россин хьехархо А.Динаев, «Берийн беш» газетан белхахой М.Эльдиева, Д.Дудаева, Гуьмсан к1оштан школал хьалхара дешаран урхаллин коьрта говзанча Ж.Абдрахманова.
«Къам дикане а, кхиамашка а кхочур дац, шен мотт а, культура а ларъеш дацахь» аьлла вайн Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!). И дешнаш вайга дина весет ду. Нохчийн мотт кегийрхоша ларбан а, 1алашбан а беза, ткъа баккхийчара царна иза 1аморехь къахьега деза.
Хууш ма-хиллара, вайн махкахь, республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан омра кхочушдеш, ненан мотт 1амор, кхиор боккхачу тидаме эцна ду. Х1ора шарахь 25-чу апрелехь, ненан меттан сий-ларам лакхабаккхаран 1алашонца, шуьйра даздо Нохчийн меттан де.
Иштта оцу аг1ор берийн бошмашкахь бечу белхан массо а х1уман т1ехь аьттонаш беш схьайог1уш ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочун г1оьнча Кадырова Зарган Ахматовна.
Сайн ц1арах, Нохчийн Республикин Правительствон школе дахаза долчу берийн дешаран Комитетан берриге а белхахойн ц1арах даггара баркалла, Дела реза хуьлда ала лаьа и болх д1абахьа аьтто бинчу, даима массо оьшучу х1уманна т1ехь доза доцу накъосталла деш схьавог1уш волчу Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна!
Дала диканца бекхам бойла хьуна, лараме Паччахь!
Дала вайн т1аьхье беркате йойла!