Бекалахь,ненан мотт!
25.03.2021
Цхьана а деших, ахчанах эца а, терзанца оза а йиш йоцу хазна ю ненан мотт. Дуьненан къаьмнех вай къасториг а, вайх къам дийриг а – иза нохчийн мотт бу. Цунах доьзна ду вовшийн уьйраш, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун яхь, адамаллин хьекъал, кхетам.
Вай дайшкара схьадеъна вай хаза г1иллакхаш, оьздангалла, ийман.
Ткъа и шадерриг д1акхехьа оьшург бу ненан мотт. Ненан мотт ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам д1адолу.
Мотт адамийн дахаран хазна ю. Иза адамаш массо а аг1ор вовшех кхетош болу Дала вайна белла тамашийна г1ирс бу.
БЕКАЛАХЬ, НЕНАН МОТТ!